Еврази
Еврази | |
---|---|
Мохк | 53,6 млн км² |
Бахархой | 5,349 млрд (2019 шеран 1 июлехь)[1] стаг |
Йукъахь йу | 94 пачхьалкхаш |
Йозуш йолу пачхьалкхаш | 9 |
Мотт | Евразин меттанаш |
Йаккхий гӀаланаш | Шанхай Чэнду |
Викиларми чохь медиафайлаш |
Евра́зи — Дуьненна тӀера йалх материкех уггаре йоккханиг. Майда — 53,6 млн км²[2], иза лаьттан майданах 36 % йу. Бахархой — 5,349 млрд ст. (2019 шеран 1 июль)[1], иза хуьлу дуьненан бахархой 70 %[3].
ЦӀе схьайалар
[бӀаьра нисйан | нисйан]Йуьхьанца дуьненан уггаре йоккха континентанна тайп-тайпана цӀераш лора. Гумбольдт Александра «Ази» цӀе лелайора йерриг Евразина. Ройшле Карл Густава 1858 шеран «Географин справочник» (Handbuch der Geographie) жайнахь лелийна термин «Шала континент Ази-Европа» (Doppelerdtheil Asien-Europa)[4]. «Еврази» термин дуьххьара лелийна геолого Зюсс Эдуард 1880-гӀа шерашкахь[5].
Географин хьал
[бӀаьра нисйан | нисйан]Континент лаьтта Къилбаседа эхиг тӀехь 9° м-бузе. д. а, 169° м-бузе. д. гергга йукъахь, цу тӀе Евразин гӀайренийн цхьа дакъа лаьтта Къилба эхигехь. Материкан малхбузен а, малхбален а йисташ Малхбузен эхигехь йалахь а, Евразин доккхаха долу дакъа лаьтта Малхбален эхигехь.
Континентан ши дакъа ду: Европа а, Ази а. Европина а, Азина а йукъара дозанан аса йоккъу Уралан лаьмнийн малхбален басешкахула, Урал эркаца, Эмба эркаца, Каспий-хӀордан къилбаседа - малхбузен бердашца, Кума эркца, Куман-Манычан чутаӀехула[6], Маныч эркца, Ӏаьржа хӀордан малхбален бердашца, тӀаккха къилба бердашца, Босфор хидоькъен чухула, Мармаран хӀорд чухула, Дарданеллин хидоькъехула, Эгейн хӀорд чухула, Лаьттайуккъера хӀорд чухула. И билламан йекъар историница хилла, цигара схьадогӀу Европин а, Азин а дозанаш билгалдахар Каспий-хӀордан майданца, Жима Азехула, Левантехула, кхин а Къилба Иранехула, Тигр а, Евфрат эркийн бассейнан махкахула, Ӏаьрбийн а, Синайн а ахгӀайренашкахула, цу тӀе, тӀаьхьарниг политикин бахьнашца Африкин йукъатоха тарло[7].
Ӏаламан агӀор Европин а, Азин а дозанашкахь цӀеххьана хийцалуш хӀумма а дац. Континент латтанца цахеддаш цхьаьнакхетта йу (Еврази кхин а, латтан тӀехула цхьаьнакхетта йу Африкица, Суэцан татол — материк йоькъуш адамо йиллина аса йу).
И цхьа материк бен йац Дуьненна тӀехь, деа Ӏапказо йашош: къилбехьа — ХӀиндин, къилбаседехьа — Къилбаседа Шен, малхбузехьа — Атлантикин, малхбузехьа — Тийна.
Еврази йахйелла малхбузехьара малхбалехьа 16 эз. км, къилбаседехьара къилбехьа — 8 эз. км, майда ≈53,6 млн км²[2]. Иза дерриг дуьненан лаьттан кхоалгӀа дакъа ду. Евразин гӀайренийн майда йу 3,45 млн км² гергга[8].
Йаккхий ахгӀайренаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Ӏаьрбийн ахгӀайре
- ахгӀайре Жима Ази
- Балканийн ахгӀайре
- Апеннинийн ахгӀайре
- Пиренейн ахгӀайре
- Скандинавин ахгӀайре
- ахгӀайре Таймыр
- Чукоткан ахгӀайре
- ахгӀайре Камчатка
- ахгӀайре Индокитай
- ахгӀайре ХӀиндистан
- ахгӀайре Малакка
- ахгӀайре Ямал
- Колан ахгӀайре
- ахгӀайре Корей
Евразин пачхьалкхаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Лахарчу могӀамехь Еврази материк тӀера пачхьалкхил совнагӀ гойту гӀайренна пачхьалкхаш (масала — Япони).
Чоьхьара хиш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Материк тӀехь дукха тӀехулара а, бухулара а хиш ду. Цунна тӀера даккхий эркаш охьаоьху дерриг Ӏапказашна чу, Къилбаниг доцург. Континентан Ӏаьмнаш къаьста барамашца а, кӀоргаллашца а. Материк тӀера эркаш декъадалар доьзна рельефца а, климатца а, уггаре луьста эркан маша йисташкахь бу. Евразин чоьхьара хиш цхьабосса декъна дац.
Ӏапказашна генахь а, дӀакъастийна а болу кӀезиг хиш долу мехкаша дӀалоцу ладаме майда. Чоьхьа хи доьду майданаша дӀалоцу материкан ах майда. Дукха хиш карийна Малхбузен-Сибрехан аренна бухахь. ЧутаӀенашна лулара лекха лаьмнашна гергара бекъа мехкашкахь, лаьттан бухара хиш арадовлу шовданийн кепара. Ишттачу меттигашкахь Йуккъера а, Центран а Азехь кхоллайелла оазисаш. Дукха молу хи доллу материкан шешкахь (къовларан — арктикин гӀайренаш тӀехь, ламанан — шалаьмнашкахь). Къилбаседа Шен Ӏапказан майданан эркийн (Печора, Обь, Енисей, Лена, кхин дерш) ийна хи ду, алсама лайн хи ду, йехачу ханна гӀура до. Атлантикин Ӏапказах кхета дукхаха долу эркаш, гӀура ца до, церан хиш коьртаниг догӀанан ду, лаьмнашкахь — шалаьмнех долу, уьш дуьзна ду дерриг шарахь. Оцу майданан уггаре даккхий эркаш — Дунай, Рейн, Эльба, Неман, кхин дерш а. Тийна Ӏапказан майданан экийн хиш ийна ду, алсама роль йу догӀанан хин, уьш дахьа Ӏапказан тӀера аьхкенан муссонаша. Кхузахь ду уггаре доккха Евразин эрк — Янцзы а, кхин эркаш, масала Амур, Хуанхэ, Меконг. ХӀиндин Ӏапказ чу шайн хиш хьо Ганго Брахмапутрица, Индо, Тигро, Евфрато. Хьалхара кхоъ царех долало Гималайшкахь, цул тӀаьхьа охьадоьду аренашкахула, царна хи а дуьллуш. Эркийн раж йоьзна муссонаша лаьмнашкахь шаш а, лайнаш а дашорца.
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ 1 2 United Nations, Department of Economic and Social Affairs, Population Division (2019). World Population Prospects: The 2019 Revision, DVD Edition. File POP/1-1: Total population (both sexes combined) by major area, region and country, annually for 1950-2100 (thousands). Архивйина 2020-02-18 — Wayback Machine
- ↑ 1 2 Евразия // Большая российская энциклопедия : [в 35 т.] / гл. ред. Ю. С. Осипов. — М. : Большая российская энциклопедия, 2004—2017.
- ↑ Евразия(ТӀе цакхочу хьажорг)
- ↑ Лобанов Н. А. ЕврАзЭС как прообраз евразийской цивилизации и эволюция евразийской культурно-исторической интеграции // Царскосельские чтения. — 2011. — № XV.
- ↑ Stefan Wiederkehr. II. Zwischen den Beiden Weltkiegen: Die Eurasier in der Emigration // Die Eurasische Bewegung: Wissenschaft und Politik in der russischen Emigration der Zwischenkriegszeit und im postsowjetischen Russland. — Böhlau Verlag Köln Weimar, 2007. — P. 36. — 398 p. — (Beiträge zur Geschichte Osteuropas). — ISBN 9783412339050.(нем.)
- ↑ В некоторых западных источниках также принят вариант проведения границы Европа-Азия по Большому Кавказскому хребту, поэтому Северо-Кавказские субъекты РФ могут полностью находится на территории Европы, а Грузия и Азербайджан — частично.
- ↑ Peel, M. C.; B. L. Finlayson and T. A. McMahon. Updated world map of the Köppen-Geiger climate classification (en) // Hydrology and Earth System Sciences : journal. — 2007. — Vol. 11. — P. 1633—1644. — DOI:10.5194/hess-11-1633-2007. — .
- ↑ Итенберг И. М., Колосова Л. Н. Атлас мира. — Главное управление геодезии и картографии. Министерство геологии и охраны недр СССР., 1962. — С. 51, 84. — 165 с. — 250 000 экз.
- ↑ 1 2 3 4 5 6 Государство с нечётким правовым статусом. См. непризнанные и частично признанные государства.
- ↑ В процессе формирования.
Литература
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Евразия // Большая советская энциклопедия
- История мировых цивилизаций 2006 г.
- Физическая география 2005 г.
- Димов, Г. Средновековните Балкани в контекста на евразийското пространство. Дихотомията на балканските земи като периферия или център на идеи и култура за Евразия. — В: История, год. XXI, кн. 3, 2012, 207—218.
- Винокуров Е., Либман А. Евразийская континентальная интеграция. — Санкт-Петербург: ЕАБР, 2012. — С. 80—96. — 224 с. — ISBN 978-5-9903368-4-1.
- Винокуров Е., Либман А. Две евразийские интеграции // Вопросы экономики. — 2013. — № 2. — С. 47—72. — ISSN 0042-8736.
Хьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Евразия справка
- Материк Евразия — Общий обзор
- Евразия . ТӀекхочу дата: 2010 шеран 28 декабрь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2011 шеран 5 сентябрехь
- Регионы Евразии
- Евразия — геологические структуры
- Климат Евразии Архивйина 2012-01-25 — Wayback Machine
- Евразия тектоника
- Плитотектоническое развитие и формирование нефтегазоносных бассейнов Северной Евразии Архивйина 2016-03-05 — Wayback Machine
- Евразия — рельеф Архивйина 2012-01-25 — Wayback Machine